АхІуда цаьрга элира: «Суна тІаьхьахІитта! Везачу Эло шун мостагІий болу муабахой эшо ницкъ белла шуна». Халкъ АхІудана тІаьхьахІоьттира. Цуьнца цхьаьна цара Йордан-хи тІехула муабахойн махка дехьаволийла схьалецира, цхьа а стаг дехьа а ца волуьйтуш.
ГадІана Эпрайман лаьмнашна уллохь йолчу меттигашка шен геланчаш бахийтинера дІаала: «Маданхошна дуьхьал ара а довлий, царах лата, Байт-Барина тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийла а ларъе», – аьлла. Массо а эпраймхоша Байт-Барига тІекхаччалц Йордан-хил дехьаволийлаш схьалецира.