Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хІорда тІера ПІелаштам-хІорда тІе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тІе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тІаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ас хьан кара дІало Ерихон-гІала шен паччахьца а, тІемалошца а. Массо а агІор царна синтем белира Везачу Эло, церан дайшка Ша ма-аллара. Исраилхойн мостагІех цхьа а царна дуьхьало еш вацара. Везачу Эло церан кара дІабеллера мостагІий.
Выбор основного перевода