Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. Йорданал дехьа, малхбузехьа, хІорд болчу агІор Іачу эмархойн паччахьашна а, хІордана уллохь Іачу канаІанхойн паччахьашна а хезира, исраилхой дехьабовлучу хенахь Везачу Эло Йордан-хи лакъийна аьлла. Паччахьаш чІогІа кхерабелира, исраилхошна дуьхьалбовла доьналла дацара церан.
Выбор основного перевода