Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас дІаелира гадахошна а, раабанхошна а, Юсупан кІентан Маннашан ахтайпанна а эмархойн паччахь хилла волчу Сихьонан пачхьалкх а, Башанан паччахь хилла волчу ІовгІин пачхьалкх а – берриге а и мохк а, цунна тІехь йолу гІаланаш а, гІаланашна гонах долу латтанаш а. Раабанан а, Гадин а тІаьхьенаша а, Маннашан ах тІаьхьено а Йорданал дехьа, малхбалехьа, шайн лаьттан дакъош Везачу Элан ялхо волчу Мусагара хьалха схьаэцнера. Левин тІаьхьенна Мусас дакъа ца делира: Исраилан халкъан Веза Дела Ша ду церан дакъа, Цо цаьрга ма-аллара.
Выбор основного перевода