Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. Амма левихо кхин цхьа буьйса яккха реза ца хилира. Иза, хьала а гІаьттина, новкъа велира. Цуьнца цхьаьна тІейоьттина хІума а йолуш ши вир а, цуьнан гІарбаш-зуда а яра. Уьш Явсай-гІала схьакхечира (хІинца цу гІалин цІе Ярушалайм ю). Уьш цу гІала схьакхаьчча, де суьйренга даьллера. Ялхочо левихочуьнга элира: «Явсайхойн гІали чу а дахана, цигахь буьйса яккхийта вайга». Амма левихочо жоп делира: «Исраилхойх боцу нах бехаш йолчу гІали чу а ца доьлхуш, ГебаІ-гІала дІагІур ду вай».
Выбор основного перевода