Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цІе Бетал тиллира (иза «Делан цІа» бохург ду). Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тІера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тІера, яьссачу арахула дІа а доьдий, шайна тІехь Бетал-гІала йолчу гунаш тІе кхочура иза. Бетална тІера Луз-гІалина тІе а доьдий, цигара дІа Іаьркхахойн лаьтта тІехула чекх а долий, Іатрут-гІала кхочура иза. Цул тІаьхьа малхбузехьа яплатихойн лаьтта тІекхаччалц дІадоьдура иза, цигара, Лахарчу Байт-Хьоронна тІе а доьдий, ГІазар-гІалина тІе кхочура. Дуьненаюккъерчу хІорда тІехь чекхдолура и доза.
Выбор основного перевода