Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЮшаІа а, исраилхоша а Йордан-хина малхбузехьа долчу латтанаш тІера паччахьаш хІаллакбира. Ливанун тогІи чохь йолчу БаІал-Гад-гІалина тІера СеІирна уллохь болчу Хьалакх-лома тІекхаччалц дара и латтанаш. ЮшаІа исраилхошна, церан тайпанашка хьаьжжина, дІаделира уьш. Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира.
Выбор основного перевода