Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн меттаматтана юьстахо четар хІоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хІора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура. Иштта дара исраилхошна шайн тайпанашкахь декъна лаьттан дакъош. Динан дас ЭлиІазара а, Нунин кІанта ЮшаІа а, халкъан тхьамданаша а, кхаж а тосуш, Шилунехь, Веза Эла волчохь, Цуьнан дезачу четарна хьалха декънера уьш. Латтанаш декъар иштта чекхделира. Данан тайпа Микас бинчу цІунна корта бетташ лелла, Делан цІа Шилунехь мел лаьтта. ХІора шарахь, билгалдаьхначу деношкахь, Элкхан Шилун-гІала воьдуш хилла массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элана лерина долу гІуллакх дан а, Цунна сагІа даккхийта а. Шилунехь Везачу Элан динан дай бара Іелин кІентий: Пайнехьассий, Хьапний. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Шу иштта ца лелахь, тІаккха Аса хІокху Сан дезачу цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду. ТІаккха дуьнен чохь долчу массо а халкъаша хІокху гІалин цІе яккхарца неІалташ бохур ду“». ХІунда бо ахьа Везачу Элан цІарах хаамаш, хІокху Везачу Элан цІенна Шилун-гІалина диннарг дийр ду, хІара Ярушалайм-гІала йохийна а, яссийна а дІахІоттор ю бохуш?» Массо а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь дІахІоьттира, Ярми-ЯхІуна дуьхьал а даьлла.
Выбор основного перевода