Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Малхбалехь доза Дуьрачу хІордаца дара, Йордан-хи цунах дІакхетачу метте кхаччалц. Къилбаседехь долу доза Йордан-хи Дуьрачу хІордах кхетачохь долалуш дара. Цул тІаьхьа Байт-ХьагІла-гІалина тІе а дахана, юха Байт-Іариба-гІалин къилбаседехьарчу агІонна уллохула доьдура иза. КхидІа БохІанан тІулга тІе доьдура иза. (БохІан Раабанан кІант хилла.) Цигара Іахур-тогІи чухула Дибарна тІе а дахана, къилбаседехьа а дирзина, Галгал-гІалина тІе доьдура доза. Хинан къилбехьара агІор йолчу Адуммим-Іинна дуьхьал лаьтташ яра и гІала. КхидІа, Іейн-Шемешан хиш тІе дІа а дахана, Іейн-РегІалахь чекхдолуш дара иза. Цул тІаьхьа, Бен-ХІинам цІе йолчу тогІи чухула Явсай-гІалин (я кхечу тайпана Ярушалайман) къилбехьарчу агІорахула дІа а дахана, ломан буьххье хьаладолура иза. И лам ХІинаман тогІина дуьххьал малхбузехьа бара, цул сов, репахойн тогІин йистехь къилбаседехьа а бара. Цу ломан буьххьера доза Нептухь олучу хина тІедоьрзуш дара, ткъа цигара Іепрон-лома тІерачу гІаланаш тІе доьдура. Юха БаІала-гІалина тІедоьрзура иза (тахана цу гІалин цІе Кхиръят-ЯІарим ю).
Выбор основного перевода