Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудан тайпанна кхаьчна дакъа цуьнан гаранашна юкъахь дийкъира. Церан лаьтта тІехь къилбехьа йолу яьсса аре Цин Эдом-махкаца доза лоцуш яра. Юсупан тайпанна деллачу декъан доза Ерихонна уллорачу Йордан-хина тІера, малхбалехь долчу Ерихонан шовданаш долчуьра долалуш дара. Ерихонна тІера, яьссачу арахула дІа а доьдий, шайна тІехь Бетал-гІала йолчу гунаш тІе кхочура иза. Иштта дара Юсупан шина кІентан, Маннашан а, Эпрайман а, дакъош.
Выбор основного перевода