Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бІогІам, схьа а эцна, Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. Суна вон хеташ долу хІума дина ЯхІудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цІе лелош долчу цІа чохь цара шайн дегаза цІуш дІахІиттийна, и цІа бех а деш. Куьг санна йолу меже схьа а кховдийна, Цо сан коьртара месаш схьалецира. ТІаккха Делан Сино со лаьттаний, стигаланий юккъе хьалаайира. Дала хІиттийначу суьрташкахь Цо со Ярушалайм-гІала, Делан цІенна къилбаседехьа йолчу чоьхьарчу кертан кевнна улло, дІавигира, эмгаралла хуьлуьйту цІу лаьтташ волчу. Сехьа а даьлла, соьга дистхуьлучу малико элира: «Юха а хьайн бІаьргаш хьала а айабай, арадолург хІун ду хьажал».
Выбор основного перевода