Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бераша дечиг лахьадо, дайша цІе латайо, зударша бод хьакхабо, стигалан зуда-паччахьна хьокхамаш дотту. Цара кхечу деланашна чагІаран сагІанаш охьадутту, Со оьгІазвахийтархьама. Амма цара зен дийриг Со ву те? – боху Везачу Эло. – ХІан-хІа, шаьш-шайна зен ма до цара, шаьш юьхьІаьржачу а хІиттош». Дейша буржалш, хІунда аьлча цІий Іанош болчарах буьзна бу хІара мохк, гІело ечарах юьзна ю хІара гІала. Цо суна жоп делира: «Дукха къинош летийна Исраилан халкъан а, ЯхІудан халкъан а наха. Цара берриг а мохк нах хІаллакбарх хьалабуьзнера, ткъа гІалахь харцонаш яржийнера. Адамаша шаьш-шайга бохура: „Веза Эла хІокху махка тІера дІавахана, тхо Везачу Элана гуш дац“. Цул тІаьхьа, Мисар-махка а яхана, хьайначу хьайн лулахочуьнца а лийлира хьо цигахь, нахаца лелар сов а доккхуш, хьо бахьана долуш йолу Сан оьгІазалла сов а йоккхуш. Аренаш шайна езалахь – уьш нуьцкъаха схьайоху цара. Дезалой цІенош – уьш а схьадоху. Адам а, цуьнан цІа а, стаг а, цуьнан бахам а чІанабоккху.
Выбор основного перевода