Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хІуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цІуш а ма белаш. ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. „НеІалт хуьлда къайлахчу метте дІахІоттийначу тІулгах я дечигах я лалийна цІу винчунна! Пхьеран куьйгашца дина хІума бен дац иза, Везачу Элана иза дегаза хета“. Дерриге а халкъо мохь тоьххна эр ду: „Амин!“ «Адаман кІант! ХІара нах шайн дегнаш чохь цІушна тІебирзина а бу, цара шаьш галбовлуьйтуш долу харцдолчун новкъарло шайн бІаьргашна хьалха дІа а хІоттийна. Сайгара жоп лехийта деза те Ас? Цкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цІушна Іамалъярх. И цІуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара.
Выбор основного перевода