Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаІана тІе. ЭлишаІ шен цІа чохь вара. И волчохь хевшина Іаш къаной а бара. И геланча шена тІе а вале, ЭлишаІа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хІаллакдеш волчо, сан корта тІерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неІ дІакъовлалаш! НеІ тІе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тІаьххье схьавогІучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» Оццу беттан пхоьалгІачу дийнахь (иза дара ЯхІу-Яхин-паччахь йийсаре вигначу пхоьалгІачу шарахь), соьга, динан да волчу Бузин кІанте Яхьазкхиале, Везачу Элан дош кхечира, со хашадхойн махкахь Кабар-хина уллохь волуш. Цигахь суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира. Цул тІаьхьа суна тІе Везачу Элан ницкъ боьссира, Цо соьга элира: «Хьала а гІаттий, аренга дІагІо, цигахь Со вист хир ву хьоьга».
Выбор основного перевода