Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Суна Делан цІийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хІума юстуш йолу гІаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хІора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гІожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра. Цул тІаьхьа цо ученан ков дуьстира – иза бархІ дол хилира, ткъа цуьнан пенийн гІорторан шоралла ши дол яра. И уче Делан цІийнан ков долчу агІор яра. Оцу лаьттах пхи бІе дол дохаллехь а, иштта пхи бІе дол шораллехь а долу еакІов латта шена тІехь Делан цІа долуш йолчу езачу меттигна лерина хила деза, ткъа цунна гонах шовзткъе итт дол шена тІехь хІумма а йоцуш йолу аре а хила еза. Ткъа Со, – боху Везачу Эло, – Ярушалайм-гІалина гонах цІеран пен а хилла дІахІуттур а ву, гІала Сайн сийлаллех юзор а ю Аса“».
Выбор основного перевода