Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІарон а, цуьнан кІентий а, гуламан четаран неІаре схьа а балабай, хица лийчабе. Духарш схьа а эций, АхІаронна тІе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тІоьрмаг а олла, юкъах ийпада тІехула доьхка а дехка. Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тІехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чІагІде. Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхІаронан коьрта тІе дотта, иза къобал а веш. Схьа а балабай, цуьнан кІенташна тІе кучамаш юха. Царна юкъах доьхкарш а дехка, кортош тІе кІадинан асанаш а яхка, тІаккха царах ерриг а тІейогІучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхІарон а, цуьнан кІентий а Суна леррина гІуллакх дан къобалбийр бу ахь. Цул тІаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте, чим дІабахьа беза цо. Адамаш долчу арахьарчу керта шаьш довла дезачу хенахь, цара чохь гІуллакх дечу хенахь шайна тІехь хуьлуш йолу бедарш дІа а яьхна, уьш езачу чоьнаш чохь йита еза. Цул тІаьхьа цара шайна тІе кхин хІума юха еза, шайн бедарех хьакхабаларца адамашна тІе йозалла ца йоссийта. Малико, жоп а луш, шена хьалха лаьттачаьрга иштта элира: «ДІаяха цунна тІера боьха бедарш». Ткъа ЮшаІе иштта элира: «Хьажал, хьуна тІера къа дІа а даьккхина, ас хьуна тІе хаза духарш духур ду». Вист а хуьлуш, ас элира: «Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тилла». Цуьнан коьрта тІе цІена чалба тиллира, дегІа тІе духарш дуьйхира. Ткъа Везачу Элан Малик лаьтташ дара.
Выбор основного перевода