Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. Къилбаседехьарчу некъа тІехула арахьарчу керта а ваьккхина, цу гІишлонна а, цунна дуьхьал йолчу майданна а хьалха къилбаседехьа йолчу чоьнашна тІе вигира цо со. Арахьара цхьа пен цу чоьнашца нийсса бина а, арахьарчу керта тІе кхочуш а бара. И пен шовзткъе итт дол беха бара. Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагІанаш дохучу динан дайша уггар деза сагІанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагІанаш – кІен сагІа а, къинан сагІа а, гІуда такхаран сагІа а – хІиттор ду, иза еза меттиг йолу дела.
Выбор основного перевода