Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Динан дайн тайпанах волчу массо а боьршачу стеган даа йиш ю и сагІа. Иза езачу меттехь даа деза. ЧІогІа деза сагІа ду иза. Езачу меттехь даа и бепиг, хІунда аьлча иза Везачу Элана цІера тІехь даьхначу сагІанех хьан а, хьан кІентийн а дакъа ду. Иштта тІедиллина суна Везачу Эло. Шатайпа сагІа санна даьккхинчу некхан жижиг а, гІогІ а даа Далла хьалха цІена йолчу меттехь ахьа а, хьан кІенташа а, мехкарша а, хІунда аьлча иза хьуна а, хьан берашна а делла исраилхойн бертан сагІанех долу дакъа ду. «Къинан сагІа езачу меттехь хІунда ца диира аш? Иза чІогІа деза сагІа ду! Халкъан бехк а, церан къинош а Везачу Элана хьалха дІадахархьама, шуна делла ма дара иза. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду». Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар. ЦІергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цІа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хІинца йохийна Іохкуш ю. Къилбаседехьа йирзина йолу чоь сагІа доккхучу кхерчана ха деш болчу динан дайшна лерина ю. Уьш берриш а ЦІадукъин тІаьхьенах бу. Левихойн тайпанах болчарна юкъара церан бен бакъо яц Везачу Элана уллобаха, Цунна хьалха гІуллакх дархьама».
Выбор основного перевода