Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу стага со арахьарчу керта валийра. Цигахь суна чоьнаш гира. Ерриге а цу кертахула йиллина тІулган цІенкъа яра, уллохь ткъе итт чоь а йолуш. Цо дохалла а, шоралла а юьстира арахьарчу кертан къилбаседехьа арадолучу кевнан. Къилбехьарчу кевнехула чоьхьарчу керта тІе валийра со цу стага. Цо къилбехьара ков а дуьстира. Цуьнан барам вукхеран санна хилира. Цул тІаьхьа цо, со Делан цІийнан езачу чоьнна чу а валийна, пенан гІортораш юьстира. Церан хІора а агІонан шоралла ялх-ялх даларан барам хилира – иштта яра хІора пенийн гІорторийн шоралла. Малхбузехьа йолчу Делан цІийнан майданна хьалха лаьтташ йолу гІишло кхузткъе итт дол шуьйра яра. Цу гІишлон пенан шоралла пхи дол яра, ткъа цуьнан йохалла дезткъе итт дол яра. Цул тІаьхьа цо Делан цІа дуьстича, иза дохалла бІе дол дара, ткъа шена тІехь и гІишло лаьтташ йолу малхбузера майда юьстича, цуьнан йохалла а бІе дол яра. Кертарчу пенан шораллехь, къилбехьа, майданна дуьхьал а, йоккхачу гІишлонна дуьхьал а яра чоьнаш. Цо соьга элира: «Майданна хьалхара къилбаседехьара а, къилбехьара а чоьнаш еза ю. Цу чохь Везачу Элана сагІанаш дохучу динан дайша уггар деза сагІанаш доу. Цу чу цара уггар деза сагІанаш – кІен сагІа а, къинан сагІа а, гІуда такхаран сагІа а – хІиттор ду, иза еза меттиг йолу дела. ТІаккха цу стага со кевнна агІонгахь чуволийла йолчу меттехула динан дайн къилбаседехьа дІаерзийна лаьттачу езачу чоьнаш чу вигира. Цигахь малхбузехьарчу агІор йистехь йолу цхьа меттиг гира суна.
Выбор основного перевода