Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Хьо схьавеанчу новкъахула юха а верзор ву Аса’“.
Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а, хьан цавашар Сан лере кхачарна а, хьан мерІуьргех Сайн чІуг а чекхйоккхур ю, хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса. Схьавеанчу новкъахула хьо юха а верзор ву Аса’“.
Амма Аса хьан мочхалех мІара а тесна, хьан пелагашна тІе хьан хиш чуьра чІерий а латийна, хьо цу Нил-хи чуьра схьабоккхур бу, хьан пелагашна тІелеттачу чІерашца цхьаьна.
Хьо юха а верзийна, Аса дІакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дІавуьгур ву Ас.