Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оццу хенахь Везачу Эло йохо йолийра гІаланаш Седам а, Іамор а, стигалара цІе а, саьнгал а чу а хецна. Іесачарна тІе догуш долу кІегий а, саьмгал а, догІа санна, охьаІанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу. ЛадогІа! ГІалара схьахезаш гІовгІа ю, Делан цІа чуьра аз ду хезаш. Иза Шен мостагІашна бекхам беш волчу Везачу Элан аз ду. И гІовгІа дуьненан массо а йистошка дІакхочу, хІунда аьлча Везачу Эло къаьмнаш бехкедийр ду. Цо массо а нах кхеле озор бу, ткъа Іесанаш Цо туьре дІалур бу“, – боху Везачу Эло». Шу туьро хІаллакдийр ду, Исраил-махкахь Аса таІзар дийр ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Цу пенна тІе кир тоьхначаьрга и пен охьабужург хилар дІахаийта. ЧІогІа догІа а догІур ду, къора а тухур ю, буьрса мох цунна тІе а хьокхур бу. «Я Аса цу лаьтта тІе Іожаллин ун хьажор дара, царна тІе ерриг а Сайн оьгІазалла а йохуьйтуш, цигара долу халкъ а, даьхни а хІаллак а деш. Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таІзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна. Стигалара охьа адамашна тІе хІора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТІаккха адамаша оцу къорано хІоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хІунда аьлча и бала инзаре боккха бара. Амма стигалара цІе йоьссира, цу цІеро мостагІийн эскарш дІакхаьллира.
Выбор основного перевода