Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГадІанаца хиллачу кхаа бІе стага коьман маІаш лекхча, Везачу Эло меттаматтара нах вовшашна дуьхьалбехира. Уьш, вовшашна тарраш а диттина, бевдда Царира-гІалина уллохь йолчу Байт-ШатІа дІабахара. Уьш иштта ТІабата уллохь йолчу Абал-Махьулан йисте кхечира. Шеца мел хиллачу адамца тІом лаьттинчу метте дІавахара Шаул. ЧІогІа боьхна хьийзаш болчу пІелаштамхойн эскархоша шайн тарраш вовшашна дуьхьал даьхна хилла. МостагІий боьхна хьийзаш хилла. Іамминхой а, муабахой а СеІир-ломарчу бахархошна чугІоьртира, уьш байина дІабахархьама. Шаьш СеІир-ломара бахархой хІаллакбина бевлча, цара вовшийн байира. Со Сайн цІе лелош йолчу гІалина Ярушалаймана Айса дан леринарг дан волалуш ву. Шуна моьтту хир ду шайна таІзар ца деш Аса шу дуьтур ду. Дуьтур дац! Аса туьре омра до, дуьнен тІехь мел болчу нахана таІзар де аьлла, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Нагахь санна Ас, цу лаьтта тІе тур а хьажийна, цуьнга аьлча: „Тур, чекхдала цу лаьтта тІехула!“, цуьнга дерриг а халкъ а, даьхни а хІаллак а дойтуш, «Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу.
Выбор основного перевода