Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, Сан оьгІазалла чекхъяьлча а, Сан дералла царна тІехь йисча а, Со Іебар ву. Царна тІехь йолу Сан моха чекхъяьлча, царна хуур ду Со – Сайн эмгараллехь вийцина волу Веза Эла хилар. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Сайн карзахдаьллачу эмгараллехь Ас элира кхечу къаьмнашна а, Эдомна а дуьхьал, хІунда аьлча цара, шайн дагахь са а къералуш, кхарда а кхаьрдаш, Сан латта шайна дола даккхархьама дІаэцна, цуьнан дежийлаш шайна ижу санна хилийтархьама’“. Цундела, Исраил-мехкан лаьттах Соьгара болу хаам а беш, дІаала цуьнан лаьмнашка а, гунашка а, Іаннашка а, тогІешка а: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас Сайн карзахваларца а, оьгІазвахарца а дІабохуш ду хІара, хІунда аьлча кхин къаьмнаш шух кхаьрдаш хилла’“. Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо. Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин а цкъа, иза-м кестта хир долуш ду, Ас стигал а, латта а, хІорд а, екъа меттигаш а егор ю. Ас дерриг а халкъаш а дегор ду, ткъа массо а халкъашна езаш йолу еза хІуманаш кхуза яхьар ю. ХІара цІа сийлаллах дузур ду Ас, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. Лаьтта тІе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. ТІаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гІовгІанаш евлира, чІогІа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чІогІа мохк бегийра.
Выбор основного перевода