Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІедуьйла, массо а халкъаш, ла а дугІуш! Тидам бе, къаьмнаш! Лаьттана а, дерриг а цунна тІехь долчунна а, дуьненна а, дерриг а цунна чохь долчунна а дІахезийла! Веза Эла массо а халкъана оьгІазвахана ву, церан эскаршна дуьхьалъяьккхина ю Цуьнан дералла. Цо уьш берриш а хІаллакбан билгалбехира, уьш байа дІабелира. Церан байинарш дІасакхиссина хир бу, церан декъашна тІера хьалаоьхуш хьожа хир ю. Лаьмнаш дашор ду церан цІийно. Стигалара дерриг а седарчий телхар ду, стигал а хьаьрчар ю, хьарчийна тептар санна. Седарчийн эскар а, кемсийн таьлланга тІера чудужу гІа санна а, инжиран дитта тІера маргІалдоьлла гІа санна а, чудужур ду. Везачу Эло боху: «Сан тур стигалахь, дераллах даха а дехна, кечдина ду. Хьовсал, кхел ян езачу а, Аса дерриг хІаллакден долчу а Эдоман халкъана тІедуссуш ду иза». Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. Иштта боху Везачу Эло: «Къилбаседехьара тІедогІуш доккха эскар ду, дуьненан йистера тІаме кечам беш ду доккха къам. Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. ТІамана кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Цийонан йоІ».
Выбор основного перевода