Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дела – вайн дІалочкъийла а ю, вайн ницкъ а бу, вай де доьхна хьаьвзича, гуттар а кийча волу гІоьнча а ву. Цундела вай кхералур дац, ур-атталла латта дегийча а, лаьмнаш хІордаш чу дахча а, тулгІенаша гІовгІа яьккхича а, хІордийн хиш ловзадевлча а, шаьш меттахдахарна лаьмнаш дегийча а. Цхьа татол ду Делан гІалин самукъадоккхуш. Веза Воккха Дела Іаш волу еза меттиг ю цигахь. Дела цу меттигна юккъехь ву, иза юхур яц. Сатосучу хенахь дуьйна Дала цунна гІо дийр ду. Халкъаш дарделла, пачхьалкхаш меттахъевлла. Дала Шен аз хазийти, ткъа латта дешна дІадели. Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гІап ю. Схьа а дуьйлий, хьовсийша Везачу Эло мел дечуьнга, лаьттахь Цо кхочуш мел дечу инзаре гІуллакхашка. Дуьненан йисте кхаччалц Цо тІемаш а совцабо, секхаІад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цІергахь дагадо. ДІа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тІехь а лакхавоккхур ву Со. Массо а ницкъийн Веза Эла вайца ву. Якъубан Дела вай лардаран гІап ю. „ХьалагІовтта, машарехь Іаш долчу, цхьана а хІуманна гІайгІа а ца беш Іаш долчу халкъана тІелата, – боху Везачу Эло. – Я неІарш а, я гІораш а цуьнан гІаланийн дац, уьш цхьацца а бевлла Іаш бу“. Дуккха а денош дІадевллачул тІаьхьа хьо тІом бан тІекхойкхур ву. Хинйолчу заман чохь хьо тІом бинчуьра юхаметтахІоьттинчу махкана тІегІуртур ву. Дуккха а къаьмнашна юкъара оцу мехкан нах гулбинера еххачу хенахь даьсса лаьттина долчу Исраил-мехкан лаьмнашка. Оцу мехкан халкъ кхечу къаьмнашкара арадаьккхинера, ткъа хІинца уьш массо а кхерам а боцуш цу лаьтта тІехь дехаш ду. Цо кхуьнга элира: «Сихха дадий, гІо! Оцу къоначу стаге дІаала: „Цигахь дуккха а адамаш а, бежанаш а Іаш хиларна, Ярушалаймах пен боцу гІала хир ю.
Выбор основного перевода