Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Харцо цІерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кІохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кІур стигала хьала а болуьйтуш. Кхера ма кхера царах: Со массо а хенахь хьоьца хир ву, хьо кІелхьарваккхархьама». Иштта боху Везачу Эло. Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, хьайн гІодаюкъ а ехкий, хьала а гІаттий, Аса хьайга мел аьлларг цаьрга дІадийца. Оцу нахах ма кхера, Соьга хьо царна хьалха ца кхеравайтархьама. Алмаз тІулгал а чІогІа ду, иштта чІогІа хир бу хьан корта а. Хьо царал а къар ца луш хир ву. Царах кхера а ма кхера, ийза а ма ло, иза юхахьадаьлла халкъ делахь а». Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кІохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таІзар ден долу де тІекхочуш лаьтта. ХІинца уьш боьхна хьийзар бу. Амма шаьш дина дика хІума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»
Выбор основного перевода