Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча и халкъ аьрха ду, иза аьшпаш буьттуш а, Везачу Элан хьехаме ладогІа ца лууш а ду. Бавел-махка йийсаре дІабигначу хьайн къомах берш болчу а гІой, цара хьоьга ладогІахь а, ла ца догІахь а, цаьрга дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“» Ас хьан мотт хьан къамкъаргах дІалатор бу, хьо вист ца хилавалийтархьама а, хьоьга и нах дІа ца хьебайтархьама а, хІунда аьлча иза аьрха халкъ ду. Цул тІаьхьа, Ас хьоьца кхидІа а къамел дича, хьан бага хьалагІатталур ю, хьан цаьрга ала йиш хир ю: „Хьалдолчу Дала иштта боху!“ ЛадогІа луучо ладогІа, ладогІа ца луучо ла ма догІа, хІунда аьлча иза аьрха халкъ ду». Амма ахьа бохуш дерг кхочушхилча, – ткъа иза-м билггал кхочушхир ду – тІаккха цу нахана хуур ду, шайна юкъахь лелларг пайхамар хиллийла».
Выбор основного перевода