Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а, хьан вортана тІера пхенаш аьчка а, хьаж цІестан дуйла а. Ас элира: «Ва Веза Эла! Тешаме хиларе Хьо ма хьоьжу! Ахьа царна туьйхира, амма уьш ца лазийра. Ахьа царна таІзар дира, амма цара шаьш нис ца байтира. Цара шайн яххьаш тІулгал а чІогІа чІагІйина, Хьуна тІедерза царна ма ца лаьара. Ткъа Исраилан халкъо хьоьга ладугІур дац, хІунда аьлча цунна Соьга ладогІа а ца лаьа. Дерриг а Исраилан халкъ атта къар ца луш а, чІогІа дегнаш долуш а ду. Іийсас элира цаьрга: «И шуна тІедиллинарг Мусас дІаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.
Выбор основного перевода