Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а. Тхайн эхь тІехь а долуш, охьадуьжийла тхо, тхан сийсазалла, шаршу санна, тхуна тІехь хуьлийла, хІунда аьлча оха а, тхан дайша а, кегий долчу хенахь дуьйна хІара хан тІекхаччалц, тхан Везачу Далла дуьхьал къинош летийра, Цо аьллачуьнга ла а ца дугІуш“». Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. Со яьссачу аренгахь церан берашка вистхилира. Ас элира цаьрга: ‹Ма гІолаш шайн дайша дІакхехьначу некъашкахула, цара шайна тІедехкинарш кхочуш а ма делаш, ма бехделаш шаьш, церан цІушна тІе а товжий. ХІинца дІаала Исраилан халкъе: „Хьалдолчу Эло боху: ‘Шайн дайша санна, аша Далла хьалха шаьш бех ца до ткъа, Суна тешаме а ца хуьлуш, церан дегазчу цІушна тІаьхьахІуьттуш?
Выбор основного перевода