Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Муса Делан четарна кІел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. Динан дай оцу езачу чоьнна чуьра арабевлча, Везачу Элан цІа чохь марха хІоьттира. И Везачу Элан цІа Цуьнан олаллин нуьрах дузарна, кхин дІа шайн гІуллакх дан ца делира динан дайшка. Церан аьзнаша Делан цІийнан неІсагІанаш егайора, ткъа цІа кІуьрах хьаладуьзира. ДогІа догІучу хенахь мархашна юккъера схьакхетта стелаІад санна, серло яра цунна гонах йогуш. Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тІера хьала а даьлла, Делан цІийнан неІсагІина улло деара. ТІаккха Везачу Эло дуткъачу кІадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гІирс гІодаюкъах дІабихкина волу стаг Шена тІекхайкхира. ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. Везачу Элан сийлалла малхбалехьа дІадерзийна лаьттачу кевнехула Делан цІа чу делира.
Выбор основного перевода