Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан Сино со, хьала а айина, Делан цІийнан малхбалехьа долчу кевнна улло схьавалийра. Цигахь суна ткъе пхиъ стаг гира. Царна юкъахь халкъан куьйгалхой болу Іазуран кІант Яъзан-ЯхІу а, БенъяхІун кІант Палти-ЯхІу а вара. ТІаккха каруб-маликаш, шайн тІемаш дІаса а даржийна, стигала хьаладевлира, чкъургаш а царна уллохь яра. Исраилан халкъан Делан сийлаллин нур а дара царна тІехула. ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера.
Выбор основного перевода