Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан мерІуьргаш чуьра кІур арабийла болабелира, доллу хІума дІакхоллуш йолу цІе Цуьнан багара елира, догуш долу кІегий цу чуьра охьаоьгура. ТІаккха цхьа сирап-малик суна тІедеара. Морзахца сагІа доккхучу кхерчара схьаэцна, богуш болу кІега бара цуьнан карахь. Къилбаседехьа дІадирзина лаьттачу лакхара ков долчу агІонера схьавогІуш ялх стаг гира суна. Церан хІораннан а карахь хІаллакдаран герз дара. Цаьрца кхин цхьа стаг вара, шена тІеюьйхина дуткъачу кІадих йина йолу бедарш а йолуш, гІодаюкъарчу доьхкарх дІабихкина яздархочун гІирс а болуш. Схьа а баьхкина, сагІа доккхучу цІестан кхерчана улло дІахІиттира уьш. Исраилан халкъан Делан олаллин нур, ша хиллачу каруб-маликана тІера хьала а даьлла, Делан цІийнан неІсагІина улло деара. ТІаккха Везачу Эло дуткъачу кІадих йина бедар а юьйхина, яздархочун гІирс гІодаюкъах дІабихкина волу стаг Шена тІекхайкхира. Хьалха суна «хьийза чкъургаш» олу чкъургаш яра уьш. ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама.
Выбор основного перевода