Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ткъе уьтталгІачу шеран боьалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со Кабар-хина уллохь ЯхІуд-махкара йийсаре дІабигначарна юкъахь а волуш, стигалш дІаса а еллаелла, суна Делера долу суьрташ хІиттира. Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хІума яра. ДІахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. Церан кортош тІехула нартол санна йолу хІума яра, ша санна цІена исбаьхьа лепаш а йолуш. Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Каруб-маликаш хьалаайаделира. И дийнаташ суна Кабар-хина уллохь гинарш дара.
Выбор основного перевода