Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делахь а цу хІораннан а йиъ юьхь а яра, биъ тІам а бара. Церан хІораннан а хьалхара юьхь – адаман юьхь яра, аьтто агІорниг – лоьман юьхь яра, аьрру агІор – стеран юьхь яра, ткъа хІораннан а тІехьара юьхь аьрзунан юьхь яра. Цхьана агІонгара хурма-диттана тІе йирзина адаман юьхь яра, ткъа вукху агІонгара – лоьман юьхь яра. И тайпа суьрташ Делан цІийнахь массанхьа а дехкина дара. Дийнатех цхьаъ лоьмах тера дара. ШолгІа дийнат старгІанах тера дара. КхозлагІчу дийнатан, адаман санна, юьхь яра. ДоьалгІаниг тІемаяьллачу аьрзунах тера дара.
Выбор основного перевода