Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Махкахь цІе яхана болу нах а, къен нах а хІокху лаьтта тІехь лийр бу. Цхьаммо а уьш дІа а бухкур бац, цхьа а стаг царна воьлхур а вац. Белларш дагахь латто, цхьаммо а шен дилха хедор дац, ткъа цхьаммо а коьртара месаш лоргур яц церан дуьхьа. цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; МицІпа-гІала Шехемара а, Шилунера а, Шамранера а везткъа стаг веара, кІен сагІанаш а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а яхьаш, Везачу Элан цІа долчохь сагІа даккхархьама. Цара массара а шайн мажош дІаяьшнера, шайна тІера хІуманаш а этІийнера, шайна чевнаш а йинера. ХІораннан корта баьшна бу, маж а яцъелла, массеран а куьйгаш хедийна, массарна а тІехь сингаттаман бедарш ю. Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама. Іази-гІалин пенашна тІе а цІе хьажор ю Ас. Цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло. Дукха дезачу шайн берашна шаьш гІайгІанехь хиларна, шайн коьртара месаш дІаяша. Шу долчуьра уьш махках бохург хиларна, ломъаьрзунан санна, шайн кортош дерзина даха. Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю. И дерриг а гина, Ашкхилун-гІалин бахархой инзарбевр бу, Іази-гІалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Іекхранхой а, хІунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Іази-гІалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гІалахь цхьа а дийна вуьсур вац.
Выбор основного перевода