Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу юьхьІаьржа хир ду ножан боьлакаш бахьана долуш, аша цигахь цІушна Іибадат дина дела. Шуна эхь хетар ду шайн бошмаш бахьана долуш, дог царах лезна дела. ГІа охьадоьжна наж санна, хир ду шу, хи доцу беш санна, хир ду. Ондачух кевстаг хир ю, цуьнан гІуллакхах суй хир бу. Уьш цхьаьна догур ду, цхьаммо а дІа а ца дойуш. Аса, Везачу Элан карара кад схьа а эцна, цу чуьра Везачу Эло со тІевахийтина долчу массо а халкъашка малийтира. цигарчу эделла долчу халкъашка а; ІуцІа-махкарчу массо а паччахьашка а; пІелаштамхойн гІаланийн массо а паччахьашка а: Ашкхилун-гІалин а, Іази-гІалин а, Іекхран-гІалин а, иштта Ашдод-гІалин дисинчу декъан а массо а паччахьашка а; Иштта боху Хьалдолчу Эло: «ПІелаштамхоша къиза бекхам бора, ЯхІудан халкъах уьш даггара кхаьрдара, бІешерашкара дуьйна йолчу шайн инкарлонца халкъ хІаллакдар лоьхура. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду пІелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дІабохур бу, хІордан йистехь бисина берш а хІаллакбийр бу. Ас чІогІа бекхам бийр бу, Сайн дераллица царна таІзар а деш. Ас шайна тІехь бекхам бича, хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама. Іази-гІалин пенашна тІе а цІе хьажор ю Ас. Цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш. Іази-гІала дІатосур ю, Ашкхилун-гІала а яссалур ю, Ашдод-гІалин бахархой лохкур бу дийнан делккъехь, Іекхран-гІала а тІепаза йовр ю. Декъаза ду хІордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хІара хаам хьуна дуьхьал бу, пІелаштамхойн долахь болу КанаІан-мохк: «Ас хьо хІаллакбийр бу, тІаккха хир бац хьан бахархой».
Выбор основного перевода