Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дан-гІала йолчуьра мостагІийн говрийн хур дар схьахеза. Церан дой терсарна берриге а мохк бегаш бу. Уьш схьабогІуш бу, мохк а, цунна чохь мел ерг а, иштта гІала а, цунна чохь вехаш мел верг а хІаллаквархьама». Уьш, кхера а белла, юхабевлла хІунда го Суна? Царах доьналла дерш а ма эшна, юхахьовса а ца кхуьуш, бевдда боьлхуш ма бу уьш. Массо а агІор къемат ма ду царна тІегІерташ, – боху Везачу Эло. – Шад еттар а, хьийзачу чкъургийн тІак а, юм еш йогІучу говрийн татанаш а, хахкаеллачу гІудалкхан гІовгІа а ю хезаш. Цу цІазана тІехь, аьчка долуш санна, гІаьгІнаш дара. Церан тІемийн гІовгІа вуно дукха йолчу, тІаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гІудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра.
Выбор основного перевода