Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. Делха, гІалин кевнаш! Орца даккха, гІаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пІелаштамхой! Къилбаседера, кІур а гІаттийна, эскар догІу, цхьа а гІийланиг вац цу бІаьна юкъахь. Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. Хьешбон а, ЭлиІала а гІаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхІац-гІалина тІекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тІемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу. Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Кхечу къаьмнашна хьан эхьах лаьцна хезар ду, хьан белхаро дерриг а латта хьаладузур ду. Цхьа тІемало вукху тІемалочух тасалур ву, ткъа уьш ший а охьавужур ву». Мисаран къам чІогІа хаза дуьхьарг санна ду, амма къилбаседехьара ю тухуш болу моза цунна тІебогІу. ЮьхьІаьржачу хІоттор ду Мисаран къам, къилбаседехьарчу халкъан карагІур ду иза». Малико соьга элира: «Шена тІехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду.
Выбор основного перевода