Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
патІрусхой, шех пІелаштамхой схьабевлла волу каслахІамхой, каптІархой. Иштта Крит-гІайренера схьабевлла болу каптІархой а, Іази-гІалина тІекхаччалц йолчу ярташкахь баьхна болу Іаваймхой хІаллак а бина, церан меттигашкахь баха хевшира.) Делха, гІалин кевнаш! Орца даккха, гІаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пІелаштамхой! Къилбаседера, кІур а гІаттийна, эскар догІу, цхьа а гІийланиг вац цу бІаьна юкъахь. Мисархошка хабар дІакхаьчча, Цора-гІаланах дерг а хезна, холчу хІуьттур бу уьш. Таршаш-махка дІакхалха! ХІордан йистехь бехаш берш, белха! Шен куьг хІорда тІехула а лаьцна, пачхьалкхаш егийна Цо. КанаІан-мехкан гІепаш йохае аьлла, омра дина Везачу Эло. Шу-м хІун яра Суна, Цора а, ЦІадан а гІаланаш, пІелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тІе а дерзор ду. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло. Цора-гІалин пенашна тІе а хьажор ю Ас цІе, цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш». «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пІелаштамхой Крит-гІайре тІера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло. Цуьнан бІаьрг иштта бу Дамасакх-гІалина уллохь болчу Хьамат-махкана тІехь а, хьекъалалла сов долуш йолчу Цора а, ЦІадан а гІаланашна тІехь а. Цора-гІалин бахархоша шайн гІалина гобаьккхина чІагІонаш йина. Цара дети гулдина, чан санна, арара хатт санна, деши а гулдина. Делахь а Везачу Эло и гІала миска йина дІахІоттор ю, цуьнан ницкъ хІорда чохь хІаллакбийр бу, ткъа и ша цІарца хІаллакйина хир ю.
Выбор основного перевода