Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Іаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гІаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гІаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гІаланашкахь даха охьахевшира. Эпрат-хил малхбузехьарчу латтанаш тІехь хьаькам волчу Татинайс а, иштта Шатар-Бузнайс а, Эпрат-хил малхбузехь цаьрца цхьаьна куьйгалла деш болчара а паччахь волчу Дари-Ваше дахьийтина кехат иштта ду. Цул тІаьхьа Дари-Ваша-паччахьо иштта жоп дІадахьийтира: «Эпрат-хил малхбузерчу меттигийн хьаькам волу Татинай а, Шатар-Бузнай а, цуьнца цхьаьна цигахь куьйгалла деш берш а Ярушалаймехь деш долчунна юкъагІерта ца беза.
Выбор основного перевода