Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
ХІара хІума хилла Ахьаш-Варуша паччахьалла дечу заманчохь. Ахьаш-Варуша паччахьалла деш хилла Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц йолчу цхьа бІе ткъе ворхІ меттигна тІехь. Мадайхойн тайпанара волчу Ахьаш-Варушан кІант Дари-Ваша хашадхойн пачхьалкхана тІехь паччахь хІоьттира. Хьалкхи-ЯхІун кІанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тІехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Іебархойн маттахь ма дийца тхоьца». Седа-жайна хьовсучара арамхойн маттахь элира паччахье: «Паччахь! Вехийла хьо даим! Дийцахь хьайн лешка и гІан, тІаккха дуьйцур ду оха цуьнан маьІна».
Выбор основного перевода