Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Аш ког мел баьккхина латта шун хир ду. Яьссачу аренгара Ливанун-махкана тІекхаччалц, Эпрат-хина тІера Дуьненаюккъерачу хІорда тІе кхаччалц хир ду шун дозанаш. Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тІера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тІекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тІера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хІорда тІекхаччалц хир ду. Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна. ЯхІушаптин дуккха а хьал а дара, иза чІогІа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо. Кхин цхьа хІума а ду сан хьоьга дІахаийта: цхьана а динан дегара а, левихочуьнгара а, илланчера а, Делан цІийнан кевнера гІаролхочуьнгара а, иштта Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхошкара а ясакх а, я ял а яккха мегар дац. ХІорда тІера хІорда тІе кхаччалц, Эпрат-хина тІера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду.
Выбор основного перевода