Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Цара Везачу Элана Іибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Іамал йора цара. Оцу халкъаша Везачу Элана а Іибадат дора, амма шайн цІу-деланашна а Іамал йора. ХІинца а церан бераша а, берийн бераша а, шайн дайша лелийна доллу гІуллакхаш леладо. Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхІугахула ваІда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дІаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дІасакхайкхабайта а: «Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Веза Эла – Исраилан Дела ву, Ярушалаймехь волу Дела ву. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу ЯхІуд-махкарчу Ярушалайме а гІойла, аша Везачу Элан цІа а дойла. Амма аса, цу нахана жоп луш, элира: «Стигалахь волчу Дала аьтто бийр бу тхан. Делан леш долчу оха гІала юхаметтахІоттор дІадолор ду. Ткъа шух лаьцна аьлча, заманашкара дуьйна а доьзалийн латтанаш дац шун Ярушалаймехь, иштта цигахь кхел ян а, Далла Іамал ян а бакъо яц шун!» Шамранхочо Іийсага элира: «Хьо жуьгти воллушехь, соьга, шамранхочуьнга, хи хІунда доьху Ахь?» (Цу хенахь жуьгтийн шамранхошца уьйр яцара.) Аша молийла ма дац шинна а кедара: цкъа Везачу Элан кеда чуьра, тІаккха жинийн кеда чуьра. Доийла ма дац аша цхьаьний Везачу Элан пхьор а, жинийн пхьор а.
Выбор основного перевода