Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Ашур-мехкан паччахьо Бавел а, Кут а, Іаву а, Хьамат а, Сепарвайм а гІаланашкара халкъаш арадехира. Уьш исраилхойн метта Шамран-мехкан гІаланашка схьабалийра цо. Шамран-мохк шайн дола а баьккхина, схьадалийна долу и халкъаш цигара гІаланашкахь даха охьахевшира. ТІаккха Шамран-махкара арабаьхначарах цхьа динан да, Бетал-гІала схьа а веана, Везачу Элана Іамал муха ян еза а хьоьхуш, цигахь вехаш вара. Цу тІе Везачу Элана а Іамал йора цара. СагІа доккхучу гунаш тІе шайна юкъара динан дай хаьржира цара. Уьш гІуллакх деш бара гунаш тІехь долчу харцделанийн цІенош чохь. Цара Везачу Элана Іибадат дора, амма, шаьш арадаьхначу къаьмнийн ламасташка хьаьжжина, шайн деланашна а Іамал йора цара. Шен дела волчу Нисрухан цІа чохь Іибадат дечу хенахь, цуьнан кІенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дІаведира. ТІаккха Санхьарибан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кхин кІант Эсар-Хьадун.
Выбор основного перевода