Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Артахь-Шашта Парси-махкахь паччахь хилла дІахІоьттинчу хенахь, царах цхьаболчу наха юха а яхІудхой бехке беш кехат яздира. И кехат яздинарш бара: Бишулам, Митрудати, Табиал, иштта кхиберш а. Цара кехат Артахь-Шаште арамхойн маттахь а, арамхойн йозанца а яздинера. ТІаккха мехкада волчу Рахьима а, йозанча волчу Шимшайс а Ярушалаймехь дехаш долчу халкъана дуьхьал кехат яздира. Шаьш иштта довзийтира цара Артахь-Шашта-паччахьна: «Кехат дІаяздина дара мехкада волчу Рахьимера а, йозанча волчу Шимшайгара а, цаьрца цхьаьна куьйгалла деш долчу кхелахошкара а, куьйгалхошкара а. Ткъа уьш бу Тарпал-махкара а, Эрахь-махкара а, Парси-махкара а, Бавел-махкара а, Іейлам-махкахь йолчу Шушан-гІалара а. Цаьрца цхьаьна дІаяздора кхиболчара а, веза, сийлахь волчу Оснапарис Шамран-махка а, Эпрат-хина малхбузехьа долчу латтанашка дІабигна болчу».
Выбор основного перевода