Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Царна хьалха ас уьйзира Артахь-Шашта-паччахьо а, цуьнан хьехамчаша а, элаша а, массо а цигарчу исраилхоша а Делан цІенна дІаделла долу деши а, дети а, пхьегІаш а. Оьзначул тІаьхьа аса церан кара хІара дІаделира: дети – ялх бІе шовзткъе итт мазал; детин пхьегІаш – бІе; деши – бІе мазал; дешин кад – ткъа (цхьа эзар дарик олу деши ахччанал); дешин метта лоруш долчу уггар дикачу къегаш долчу цІестан пхьегІа – шиъ. Цул тІаьхьа аса цаьрга элира: «Шу а, хІара пхьегІаш а, Везачу Элана дІа а къастийна, Цуьнан долахь ю. ХІара деши а, дети а Везачу Элана, шун дайн Далла, адамаша шайн лаамца делла совгІаташ ду. И хІуманаш леррина ларъелаш, динан дайн куьйгалхошна а, левихошна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а хьалха, Ярушалаймехь долчу Делан цІийнан чоьнашкахь аша уьш оззалц». Динан дайша а, левихоша а и оьзна долу деши а, дети а, пхьегІаш а шайга дІаийцира, уьш Ярушалаймехь долчу тхан Делан цІа чу дІаяхьа. Шеран хьалхарчу беттан шийтталгІачу дийнахь АхІава-хи долчуьра Ярушалайме даха арадевлира тхо. Некъ чекхбаллалц Дела тхоьца вара, тхо мостагІех а, талорхойх а лар а деш. Ярушалайме схьа а даьхкина, оха цигахь кхаа дийнахь садаьІира. ДоьалгІачу дийнахь оха, Делан цІа долчу а дахана, оза а узуш, деши а, дети а, пхьегІаш а динан да волчу УръяхІун кІанте Мармутига дІаелира. Мармутица Пайнехьасан кІант ЭлиІазар вара, ткъа цаьрца левихой болу ЮшаІан кІант Юзабди а, Бинуйн кІант НуІад-ЯхІу а вара. Оха массо а хІума оццу хенахь, ягар а йина, оза а оьзна, дІаязйира. Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхІ динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. Нагахь цхьаъ хьехам беш велахь, и хьехам Делера болуш санна бе, Далла гІуллакх деш велахь, Дала шена беллачу ницкъаца де и гІуллакх. Иштта Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Дела хастаме хир ву. Сий а, ницкъ а хуьлда Іийсан бІеннаш шерашкахь, амин! Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.
Выбор основного перевода