Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Делан цІийнан кевнехь гІаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хІорш бара: Шалум а, Іакхуби а, ТІулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.) Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гІаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гІаролхой а бара. Цу дийнахь ЮшаІа царна тІедиллира, дерриг а Исраилан халкъана а, Везачу Элан сагІа доккхучу кхерчана а лерина дечиг даккхар а, хи кхехьар а. И сагІа доккху кхерч Везачу Эло хоржучу меттигехь хир бу. Таханлерчу дийне кхаччалц иштта болх бо цара. Йийсарера юха а бирзина, шайн гІаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. Цара иштта ши бІе ткъа Делан цІийнан кертахь гІуллакх дийриг а ваийтира. Церан дай Дауда а, цуьнан тІеман хьаькамаша а левихошна гІо дан хаьржина хилла. Церан цІераш массеран а цІерашна юкъахь дІаязйина хилла. «Ткъа халкъан кхиболчара – динан дайша а, левихоша а, Делан цІийнан кевнехь болчу гІаролхоша а, илланчаша а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхоша а, Делан товрат-хьехаман дуьхьа шаьш кхечу къаьмнех болчарах дІа мел къаьстиначара а, шайн зударшца а, кхетам болуш болчу массо а шайн кІенташца а, йоІаршца а – ХІорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тІаьхьенах берш а ЯхІуд-махкарчу кхечу ярташкахь Іаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тІехь Іаш бара.
Выбор основного перевода