Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». Суна лерина даьхна сагІанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. «ДІаала АхІароне а, цуьнан кІенташка а исраилхоша Суна къобалдеш долу деза сагІанаш леррина леладе, Сан еза цІе сийсаз ца яйтархьама. Со Веза Эла ву. Хийрачо цхьаммо а деза сагІа даа мегар дац. Динан да волчохь Іачу хьешо а, динан дена йолах болх бечу стага а даа мегар дац деза сагІа. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц. Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара.
Выбор основного перевода