Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
«ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца уьш Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора шен-шен гІала юхабирзина. Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Іазар-ЯхІу, РаІам-ЯхІу, Нахьмани, Мардахай, Билшан, Миспарти, БигІвай, Нехьум, БаІна. ХІорш ю юхабирзинчу исраилхойн цІераш: ПарІушан тІаьхьенах берш – ши эзар цхьа бІе кхузткъе шийтта стаг (2172); Шапат-ЯхІун тІаьхьенах берш – кхо бІе кхузткъе шийтта стаг (372); Арахьин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе шийтта стаг (652); Пахьат-Муабин тІаьхьенах болчу ЮшаІан а, Йоабан а доьзалшкара – ши эзар бархІ бІе берхІитта стаг (2818); Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг (1254); Затун тІаьхьенах берш – бархІ бІе шовзткъе пхиъ стаг (845); Закайн тІаьхьенах берш – ворхІ бІе кхузткъа стаг (760); Бинуйн тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе бархІ стаг (648); Бебайн тІаьхьенах берш – ялх бІе ткъе бархІ стаг (628); ІазгІадин тІаьхьенах берш – ши эзар кхо бІе ткъе шиъ стаг (2322); Адуникхаман тІаьхьенах берш – ялх бІе кхузткъе ворхІ стаг (667); БигІвайн тІаьхьенах берш – ши эзар кхузткъе ворхІ стаг (2067); Іадин тІаьхьенах берш – ялх бІе шовзткъе пхийтта стаг (655); Атарин тІаьхьенах волчу Хьузакх-ЯхІун доьзалера – везткъе берхІитта стаг (98); Хьашуман тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе бархІ стаг (328); Бецайн тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъе виъ стаг (324); Хьарипан тІаьхьенах берш – цхьа бІе шийтта стаг (112); ГавІонан тІаьхьенах берш – везткъе пхийтта стаг (95). Байтлахам-гІалара а, НатІупат-гІалара а болчу бахархойх – цхьа бІе везткъе бархІ стаг (188); Іанатот-гІаларчу бахархойх – цхьа бІе ткъе бархІ стаг (128); Байт-Іазмавтара – шовзткъе шиъ стаг (42); Кхиръят-ЯІаримера а, Капира-гІалара а, Баировт-гІалара а болу бахархой – ворхІ бІе шовзткъе кхоъ стаг вара (743); Рама-гІалара а, ГибаІ-гІалара а болчу бахархойх – ялх бІе ткъе цхьаъ стаг вара (621); Михмасерчу бахархойх – цхьа бІе ткъе шиъ стаг вара (122); Бетал-гІалара а, ГІай-гІалара а болчу бахархойх – цхьа бІе ткъе кхоъ стаг вара (123); Набу-гІаларчу бахархойх – шовзткъе шийтта стаг вара (52); Іейламан тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе вейтта стаг вара (1254); Хьармин тІаьхьенах берш – кхо бІе ткъа стаг вара (320); Ерихонан бахархойх – кхо бІе шовзткъе пхиъ стаг вара (345); Лодди-юьртара а, Хьадидара а, Овну-гІалара а болу бахархой – ворхІ бІе ткъе цхьаъ стаг вара (721); Саниара болу бахархой – кхо эзар исс бІе ткъе итт стаг вара (3930); Динан дай: ЮшаІан цІийнах волчу Яди-ЯхІун тІаьхьенах болу нах – исс бІе кхузткъе кхойтта стаг вара (973); Амиран тІаьхьенах берш – цхьа эзар шовзткъе шийтта стаг вара (1052); Пашихьуран тІаьхьенах берш – цхьа эзар ши бІе шовзткъе ворхІ стаг вара (1247); Хьармин тІаьхьенах берш – цхьа эзар вуьрхІитта стаг вара (1017); Левихойн тайпанах болу нах: ЮшаІан а, Кхадмиалан а, ХІудавин а доьзалшкара – кхузткъе вейтта стаг вара (74); Илланчаш: Асайпан тІаьхьенах берш – цхьа бІе шовзткъе бархІ стаг вара (148); Делан цІийнан кевнехь гІаролхойн тІаьхьенах берш: Шалуман а, Атарин а, ТІулманан а, Іакхубин а, Хьататин а, Шубайн а тІаьхьенах берш – цхьа бІе ткъе берхІитта стаг (138); Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Кхейрусан а, СиІин а, Падунан а, Либанин а, ХьагІабин а, Шалмайн а, Хьананан а, Гидалан а, Гахьарин а, Раи-ЯхІун а, Рицанан а, Накхудин а, Газамин а, Іузин а, Писухьан а, Бесайн а, МуІаниман а, Напу-Шасиман а, Бакхбукъан а, Хьакъупин а, Хьархьуран а, Бацултин а, Махьдин а, Хьарашин а, Баркусин а, Сисрин а, Тамухьан а, Нацухьан а, Хьатапин а тІаьхьенех берш. Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, ЯІлин а, Даркхунин а, Гидалан а, Шапат-ЯхІун а, Хьатилан а, Пукрати-ХІацубайман а, Аминан а тІаьхьенах берш. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а шаберш кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара. Цхьаболу нах Ярушалайме Тал-Маликера а, Тал-Хьаршара а, Каруб-гІалара а, Адан-гІалара а, Амир-гІалара а баьхкинера. Амма цу нехан аьтто бацара, шаьш Исраилан халкъах схьадевлла ду аьлла, шайна гонах берш тешо: Дали-ЯхІун а, ТІуби-ЯхІун а, Накхудин а тІаьхьенех берш – ялх бІе шовзткъе шиъ стаг вара (642). Динан дайн доьзалшкара цигахь бара: Хьаби-ЯхІун, Къоцин а, Барзалайн а тІаьхьенех берш. (И тІаьхьарниг Барзалай цІе тиллина вара, хІунда аьлча ГалІадарчу Барзалайн йоІ ялийнера цо, ткъа цул тІаьхьа цо и цІе шениг санна лорура). И нах доьзалийн тептарш тІехь шайн цІераш лоьхуш бара, амма царна уьш ца карайора. Цундела уьш динан дай санна тІе ца ийцира. ЯхІудан мехкадас цкъачунна Далла сагІина баьккхина беза кхача баар ца магийнера царна, коьрта динан да, схьа а веана, Урим а, Тумим а олучу дезачу тІулгех Деле хІун дан деза аьлла хатталц. Йийсарера юхайирзинчу тобанна юкъахь верриг а шовзткъе шиъ эзар кхо бІе кхузткъа стаг вара, царна юкъара леш ца лерича. Ткъа уьш ворхІ эзар кхо бІе ткъе вуьрхІитта лай а, гІарбаш а яра. Кхин а цаьрца зударех а, божарех а волу ши бІе шовзткъе пхиъ илланча а вара. Цаьргахь ворхІ бІе ткъе ялхитта говр а, ши бІе шовзткъе пхиъ говр-бІарза а, йиъ бІе ткъе пхийтта эмкал а, ялх эзар ворхІ бІе ткъа вир а яра. Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгІаташ делира. ЯхІудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бІе ткъе итт динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бІе мин дети а делира. Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхІ динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. Иштта динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кевнехь болу гІаролхой а, илланчаш а, халкъана юкъара цхьаберш а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а – Исраилан массо а халкъ – шайн-шайн гІаланашкахь баха хевшира». Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира.
Выбор основного перевода