Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10
Параллельные места
тІаьхьенех дисна адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш хІинца а тахханалц леш бу. Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн а, Сулим-паччахьан ялхойн а тІаьхьенах берш а шаберш кхо бІе везткъе шийтта (392) стаг вара. ХІорш бу Ярушалаймехь баха хевшина болу мехкан куьйгалхой. (Дукхахболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш а, Сулим-паччахьан ялхойн тІаьхьенах берш а ЯхІуд-махкарчу кхечу ярташкахь Іаш бара. Уьш ярташкахь кхожаца шайна кхаьчначу латтанаш тІехь Іаш бара.
Выбор основного перевода